Лараме накъостий! «Грозный» Нохчийн пачхьалкхан телерадиокомпанис Нохчийн Республикин культурин министерствоца цхьаьна дIахьуш йу «Синмехаллаш» цIе йолу телевизионни проект.
Проект тIехьажийна йу нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла, ламасташ, Iадаташ, мотт бовзийтарна а, тIекхуьучу тIаьхьене церан мехалла дIакховдорна а.
Шун тидаме оха йуьллу «Синмехаллаш» проектан йуккъера нохчийн къоман гIиллакхех лаьцна кийсак.






































