Лараме Мехк-Да Рамзан-Хьаьжа!
Лараме Аймани-Хьаьжа!
Ас даггара декъалдо шу а, нохчийн дийнна къам а Дала базбина мархин бутт чекхбаларца доьзна! Везачу Аллаха къобалдойла вайн кхаьбна марха, лайна хало Дала меле йазйойла! Цахь а, дозанал арахь а хокху баттахь вай даьхна саганаш а, йина амалш а Дала Шен дуьхьа лорийла! Марха лаца а, кхаба а, даста а эзар хан декъала йогийла вайна!









































