Ненан Де! Берийн бlаьргаш чохь ненаца доккху хlора де а - доккха цхьа дахар
30 ноября 2025, 14:24
Ненан Де! Берийн бlаьргаш чохь ненаца доккху хlора де а - доккха цхьа дахар...
lуьйренца, маьлхан дуьне довза беро бlаьрг боьллушехь, ненан мерзачу сибатца дlадолало де. Ненан аьхначу озо гlаттаво хьо дахаран гlуллакхашна, даккхийчу хьуьнаршна, лакхенашна, ша хьох тешарца, хьо-хьуо а хьайх тешош. Ненан чомехьчу кхачано ло хьуна гlора, ницкъ, могашалла, комаьршачу кхерчахь, шен "бисмиллица" хьан цlарах сагlа а деш, кечбинчу кхачано.
Ненан доlано ларво хьо массо а вонех, зуламех - и санна цlена, и санна даггара доlа, нана дlайаьллачул тlаьхьа, кхин цкъа а хьан лорах лелардоцучу доlано...
Нана - иза цкъа а шен беркат кхачор доцу бахам бу! Нанойн Денца, хьомсара махкахой!
Источник: Telegram-канал "ЧГТРК "Грозный""