Оханан беттан 1-чу дийнахь дуьйна схьаоьцуш бу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана леринчу Йерригроссин "Кавказан аз — 2025" XIl-чу радиофестивале белхаш.
3 декъехь схьаоьцуш бу уьш:
Хорадийнан хаамийн выпуск;
Тематикин программа;
уьйренан шоу.
Заявкаш мангалан (июль) 1-ра де кхаччалц схьаоьцур йу хокху адресца: festival-rv@mail.ru.
Дакъалацархочун заявка/анкета а, къовсамах лаьцнарг а golos-kavkaza.ru сайта тера "Документы" агонехь карор ду.
Фестивалан толамхошна совгаташ далар дlахьур ду товбецан 18-чу дийнахь Соьлжа-Галахь.






































