Соьлжа-Г1алахь "Къоман культурин центрехь" цхьаьнакхийтира къона хаархой/эрудиташ

Соьлжа-Г1алахь "Къоман культурин центрехь" цхьаьнакхийтира къона хаархой/эрудиташ.

Нохчийн меттан денна леринчу "Нохчийн меттан говзанча" интеллектуальни ловзаран-къовсамехь Соьлжа-Г1алин ишколийн дешархой къовсабелира шайн хаарш толлуш.

Атта дацара т1едахкарш: исторех, литературах, мохкбовзарх, нохчийн маттах лаьцна долчу хаттаршна жоьпаш делира дешархоша,шуьйра даьстира кицанийн маь1наш, иштта дешнаш т1ехь болх а бира.

Къовсам д1ахьошверг вара - "Россин Федерацин дешаран сийлахь белхахо", "Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо", поэт, журналист, "Грозный" телерадиокомпанин "ведущий" - Даудов Гилани. Къовсам д1абаьхьна а ца 1аш, Гиланис дийцира декъашхошна нохчийн меттан дезчу дийнах лаьцна, ткъа иштта вайн республикехь мотт ларбарх , 1алашбарх , и баржорах а лаьцна .

Тоьллачу тобанна 1-ра меттиг йаккхарна диплом делира.

Цхьаьнакхетар дерзош "Къоман культурин центран" кхиорхоша нохчийн матте безам кхуллуш эшарш лекхира, йийшира Даймахках а , маттах а лаьцна байташ.

Цхьаьнакхетаран 1алашо йара - кегийрхойн ненан мотт 1аморехь шовкъ кхоллар, г1иллакх-оьздангаллин т1аьхьало 1алашйар, къоначу т1аьхьене и д1акховдор.

Иштта долчу ловзаршкахь пайда б1аьрла хуьлу, шайн хаарш зийна а ца 1аш, ненан матте шовкъ кхоллало церан.ТIедахкаршна кхачам боллуш жоьпаш даларо аьтто бо нохчийн маттах кхета а,цуьнан маьIна дан а.

Соьлжа-Г1алахь "Къоман культурин центрехь" цхьаьнакхийтира къона хаархой/эрудиташ

Соьлжа-Г1алахь "Къоман культурин центрехь" цхьаьнакхийтира къона хаархой/эрудиташ

Соьлжа-Г1алахь "Къоман культурин центрехь" цхьаьнакхийтира къона хаархой/эрудиташ

Соьлжа-Г1алахь "Къоман культурин центрехь" цхьаьнакхийтира къона хаархой/эрудиташ

Соьлжа-Г1алахь "Къоман культурин центрехь" цхьаьнакхийтира къона хаархой/эрудиташ

Соьлжа-Г1алахь "Къоман культурин центрехь" цхьаьнакхийтира къона хаархой/эрудиташ

Соьлжа-Г1алахь "Къоман культурин центрехь" цхьаьнакхийтира къона хаархой/эрудиташ

Соьлжа-Г1алахь "Къоман культурин центрехь" цхьаьнакхийтира къона хаархой/эрудиташ

Источник: MAX-канал "Вести республики"

Топ

Лента новостей